Поздравление

25.04.2021

Нохчийн Республикехь хаза г1иллакх хилла схьадог1уш ду 25-чу апрелехь Нохчийн меттан де даздар.2007чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана и Де билгалдоккхуш шен указца ч1аг1дина.Ненан мотт - иза кхетош-кхиоран а, оццу хенахь кхидолу меттанаш 1аморан а шатайпа г1ирс бу.Ненан маттахь къамел до вай вешан берашца, оцу маттахь 1амадо дайн сийлахь 1адаташ, оьзда г1иллакхаш, йовзуьйту дуьненан хазалла, исбаьхьалла.Цундела муьлххачу юкъараллин а декхар ду шен ненан мотт 1алашбар, кхиор, т1екхуьучу чкъурана синхазна д1акховдор.Дезачу дийно декхаре до ненан меттан хазна ларъярехьа кхин а ч1ог1а къахьега.Х1унда аьлча, мотт къоман коьрта билгало ю.Шен мохк а, мотт а боцург къам дац, олуш дара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин.Дезачу дийно вайна массарна а дагадоуьйту массо халкъан шен, кхечерачух къаьсташ йолу, культура, 1адаташ, ламасташ хила бакъо хилар а, и хазнаш ненан маттаца йоьзна хилар а.Вай даима а дагахь латто деза билггал нохчийн матто г1o до къам оьзда, иманехь хилийтарна.Сайн ц1арах а, сайн белхан накъостийн ц1арах а, аса даггара декъала во вайн Паччахь, Рамзан Ахматович КадыровНохчийн меттан денца иштта, дерриге нохчийн къам а, нохчийн мотт кхиорехь къахьоьгуш болу 1илманчаш а, хьехархой а.Xазаллин, дикаллин, доттаг1аллин де хилла лаьттийла вайна Нохчийн меттан де!Ларамца, Грозненский к1оштан школел хьалхарчу дешаран хьукматан урхаллин куьйгалхо,Зуруев Расул Усманович.

Источник: public_news